Абхазаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Абхазаш, Абхазхой, Апсой (абхаз. аҧсуаа) — абхазхойн-адыгийн къаьмнех цхьа къам, Абхазин орамера къам, беха Кавказан къилбаседа-малхбуза декъехь.
Абхазхой | |
---|---|
Шен цӀе | аҧсуаа |
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла | 185 эз. гергга |
Абхази:
Гуьржийчоь (Абхази а, Къилба ХӀирийчоь а йоцуш): Украина: |
|
Хаам | |
Археологин культура | Колхидан оьздангалла, Цебельдин оьздангалла |
Мотт | Абхазхойн |
Дин | православи, бусалбанаш-суннийш |
Йукъабоьду |
Кавказан доьзалш, Къилбаседа-кавказан доьзал, Абхазийн-адыгийн тоба |
Гергара къаьмнаш | абазой, адыгейш, убыхаш |
Этносин тобанаш |
|
Медиафайлаш Викилармехь |
Йаккхий диаспораш йу иштта Туркойчохь, Россехь, Шемахь, Урданехь, баьржина — Малхбузен Европа мехкашкахь а, АЦШ а. дам.
1989 шарахь бахархой багарбарца, Абхазера абхазхойн барам хилира 93,3 эз. стаг (Абхазин 18 % бахархой), 2003 шарахь багарбарца — 94,6 эз. стаг (44 % бахархой)[10], 2010 шарахь багарбарца — 122,1 эз. стаг (51 % гергга)[1]. XXI бӀешо долалуш церан дуьненахь болу берриг бараман мах хадабо 185 эз. стаг. Абхазхой беха дуьненан 52 махкахь[11].
Буьйцу абхазхойн мотт, дукхаха болу Абхазехь бехачара — кхин оьрсийн мотт а.
Уггаре даьржина динаш — православи (VI бӀешарахь дуьйна) а, суннийн кхетаман ислам (XV бӀешерера дуьйна).