А́нна Иоа́нновна (А́нна Ива́новна; 1693 шеран 28 январь [7 февраль] — 1740 шеран 17 [28] октябрь[2]) — 1730 - 1740 шерашкахь — РомановгӀеран некъех Йерригроссийн Император-аьзни.
Дехар «Анна Ивановна» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
Иван V-гӀачун (Пётр I-гӀачун ваша а, паччахьца цхьаьна урхалча а) а, Салтыкова Прасковья Фёдоровнин а йоьалгӀа йоӀ. 1710 шо 31 октябрь (11 ноябрь) маре йелира Курляндин герцоге Фридрих Вильгельме. Иза жеро йисира маре йахана 2,5 бутт баьлча, Петр I-чо Анна дӀахьажийра Курлянде. Пётр II-гӀа веллачул тӀаьхьа, 1730 шарахь, кхайкхина российн Ӏарш тӀе Лакхара къайлаха кхеташоно йуьззина бакъонаш йолу монарх санна, аристократашна пайденна дозатоьхна йолу, амма элин гӀоьнца Лакхара къайлаха кхеташо дӀасахецна, метахӀоттийра абсолюталла. Цуьнан урхаллин заманах тӀаьхьуо цӀе тиллира «бироновщина», Аннин везаран Бирон Эрнстан цӀарах.