Дзюдо
From Wikipedia, the free encyclopedia
Дзюдо́ (яп. 柔道 дзю: до:?, ма-дарра — «КӀеда некъ»; Россиехь иштта олу «Сетта некъ») — Японин латаран говзалла, XIX бӀешарахь японин латаран говзанчас Дзигоро Канос (1860—1938) кхоьллина спортан герз доцуш латар. Иштта Дзигоро Канос кхоьллира коьрта бакъонаш а, Ӏаморан бух а, къовсаран бакъонаш а.
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин хаьржинчарех бу |
Дзюдо кхоьллин де лоруш ду Канос хьалхара дзюдо школа Кодокан кхоьллин де 1882 шарахь[1].
Дзюдохь магийна йу кхоссараш а, лазаран приёмаш а, сацораш а, садукъаран приёмаш а лаьтташ а, партерехь а. Тохараш а, лазоран кхераме приёмаш а ката санна бен ца Ӏамайо. Кхоьчу тайпан латарашца (желтойн-риман латар, паргӀата кепар латар) башхал йу магийтина приёмаш алсам хилар.
Дзюдон коьрта ши принцип йу «Кхиаман тӀекхачархьам вовшен гӀодар а, вовшех кхетар а», «Тоьллачу кепар дегӀах а, синах а пайда эцар». Дзюдо Ӏамочун Ӏалашо хила еза гӀора сов даккхар а, латаран кечвалар а, шен дог-ойла тайар а. И деш оьшу низам а, чӀогӀамалла а, гӀиллакх а, кхиаман тӀекхача оьшуш болу къинхьегам а[2].
Дзюдо йу Олимпан ловзарашан йукъайогӀуш. Дзюдон техниках бух хилла дукха таханлера латаран тайпанашан. Царна йуккъехь самбо, Бразилин джиу-джитсу, Каваиси Рю дзюдзюцу, Косэн дзюдо. Дзюдо Ӏамийна Морихэй Уэсиба (айкидон кхоллархо), Мицуё Маэда (джиу-джитсун кхоллархо), Василий Ощепков (самбо кхоьллинчарех цхьаъ), Годзо Сиода (Ёсинкан тайпан айкидо)[3].