Дуьненан хьалхара тӀом
From Wikipedia, the free encyclopedia
Дуьне́нан хьа́лхара тӀом (28 июль 1914 — 11 ноябрь 1918) — адамаллин исторера уггаре шуьйрамасштабан тӀеман конфликтех цхьаъ.
Дуьненан хьалхара тӀом | |||
---|---|---|---|
Терахь | 1914 28 июль — 1918 11 ноябрь (4 шо, 3 бутт, 2 кӀира) | ||
Меттиг | Европа, Африка, Гергара Малхбале (кӀеззига Цийчохь а, Тийна океанан гӀайренаш тӀаьхь) | ||
Бахьна | Экономикин империализм, мехкан а, экономикин а къийсамаш, махлелоран дуьхьалонаш, милитаризм, автократи, ницкъийн баланс, Европин пачхьалкхийн бартхойн декхарш. | ||
ЖамӀ | Антантан толам. Российн имперера Февралан а, Октябран а революцеш, Германин имперера Ноябран революци а. Российн, Германин, Хункаран, Австро-Мажаройчоьнан импереш йохар. Йерриг германин колонеш толамхоша шайна йукъахь йекъар. Версалан барт | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
Массон ницкъаш | |||
|
|||
Белларш | |||
|
|||
Медиафайлаш Викилармехь |
ТӀом боло формалан бахьана хилира Сараевора хиламаш, цигахь 1914 шеран 28 июнехь ткъайасса шо долу боснера сербо, студента Принцип Гаврилос вийра австрийн эрцгерцог Франц Фердинанд а, цуьнан зуда Хотек София а.
Дуьненан хьалхарчу тӀеман пачхьалкхаш-декъашхой йекъайелира шина дуьхь-дуьхьалчу лагеран:
- Веанна союз: Германин, Австро-Мажаройчоьн, Хункаран импереш а, Болгарин паччахьалла а;
- Антанта: Российн импери, Французийн республика, Британин импери.
ТӀеман шерашкахь тӀамехь дакъалоцучу эскаршка кхайкхина 70 миллион сов стаг, царна йукъахь 60 миллион Европера, царех велла 9 - 10 миллион стаг. Гражданийн бахархошна йукъара иэшамийн 7 - 12 миллион гергга стаг[7][8]; 55 млн стаг гергга чевнаш йина[9]. ТӀемах детонатор хилира цхьа могӀа йаккхий революцешна, царна йукъахь 1917 шеран Россера Февралан буржуазин а, Октябран социалистийн а, 1918 шеран Германера Ноябран а[10]. ТӀом бахьнехь дуьнен тӀиера йиъ импери: Российн, Австро-Мажаройчоьн, Хункаран, Германин.