Кавказ
From Wikipedia, the free encyclopedia
Кавказ[1] — Евразера географин регион, дукха берг ламанан мохк, лаьтта Малхбузен-Европин аренан къилбехьа, Европин а, Азин а дозанехь, дӀалоцу Российн, Гуьржийчоьнан, Азербайджанан, Эрмалойчоьнан[2] а, цхьа могӀа къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхийн мехкаша[3]. Малхбузехьа Ӏаьржа хӀорд бу, малхбалехьа – Каспий-хӀорд.
Кавказ | |
Йолу меттиг | Еврази. Шена чохь ю Къилбаседа Кавказ а, Къилба Кавказ |
---|---|
Майда | 400 000 км² гергга |
Пачхьалкхаш | Азербайджан Гуьржийчоь Росси Эрмалойчоь Къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхаш: Абхази Ломан Карабах Къилба ХӀирийчоь |
Дин | Керстанаш — 17 миллион стаг (57 %). Бусулбанаш — 13 миллион стаг (43 %). |
Кавказан къилбаседан доза ду ГӀуман-Манычан чутаӀенца, Азов-хӀордаца, Керчан хидоькъенца[4][5].
Кавказан къилба доза ду ССРС хилла пачхьалкхан дозанца (хӀинца Азербайджанан а, Гуьржийчоьнан а, Эрмалойчоьнан а Туркойчоьнца а, Иранца а долу къилбан дозанаш)[6]. Ялх Чоьхьара Кавказан а, ткъа кхин а РФ Къилбаседа-Кавказан а, Къилбан а федералан гуонийн ерриг майда ю 356 482 км²[7].
Историн-географин а, экономикин а агӀора, Кавказ йоькъу Къилбаседа Кавказе а, Къилба Кавказе а. Къилбаседа Кавказан йукъайогӀу Хьалхара Кавказ[8][9], Йоккха Кавказан къилбаседа басе, алсама хидоькъу даккъашца (малхбалехь — Самур эрк тӀекхаччалц), ткъа кхин а Коьрта Кавказан дукъан къилба-малхбузен басе цуьнан къилбаседа-малхбузен йисттера декъехь, ламастаца, Кавказан ӀаьржахӀордан бердйист (Российн ӀаьржахӀордан бердйист Псоу эрк тӀекхаччалц), фактаца (Коьрта Кавказан дукъца) и субрегион Чоьхьара Кавказехь йолушехь, иштта Абхази а лору.
ХӀинцалера политикин географин гарца (политикин-административан декъадалар), Кавказан мохк бекъна Российна — Къилбаседа Кавказ а, кӀеззиг, Чоьхьара Кавказ а Самур эркан аьтту бердаца (Кавказ лаьтта Российн къилбехахь (къилба-малхбузехь)), ткъа кхин а Азербайджанна, Гуьржийчоьнна, Эрмалойчоьнна. Туркойчоьно бух боцуш ца лору шен малхбален регионаш Кавказан йукъара[10].