Канберра
From Wikipedia, the free encyclopedia
Канбе́рра[2] (инг. Canberra, олу [ˈkænbᵊrə]йа [ˈkænbɛrə][3]) — Австралин коьрта шахьар, мехкан уггаре йаккхийчех чоьхьара гӀала. Канберрин бахархой гӀала-спутникца Куинбианаца цхьаьна хуьлу 432 141 стаг (2016)[4]. ГӀала Австралин коьрта гӀалин мехкан административан йукъ йу, цунна йукъа йогӀу кхин а жима йуьртабахаман зона а, къоман Намаджи парк. Канберрин 250 км къилбаседа-малхбалехьа лаьтта Сидней, ткъа 450 км къилба-малхбузехьа — Мельбурн.
ГIала | |||||
Канберра | |||||
---|---|---|---|---|---|
инг. Canberra | |||||
|
|||||
35°18′10″ къ. ш. 149°08′30″ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Австрали | ||||
Статус | Коьрта-гIала | ||||
Мохк | Австралин коьрта гӀалин мохк | ||||
Истори а, географи а | |||||
Йиллина | 1913 шарахь | ||||
Майда | 471,78 км² | ||||
Центран локхалла | 597 м | ||||
Климатан тайпа | Субтропикин муссонийн (Cfb) | ||||
Сахьтан аса | UTC+10, аьхке UTC+11 | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой | ↗ 431 380[1] стаг (2020, мах хадийна) | ||||
Луьсталла | 842 стаг/км² | ||||
Агломераци | ↗ 432 141 (2016) | ||||
Официалан мотт | ингалсан | ||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Телефонан код | 0251, 0252, 0261, 0262 | ||||
Поштан индекс | 2600–2617 | ||||
act.gov.au (ингалс.) | |||||
Картин тӀехь | |||||
1908 шарахь хӀинцалера Канберрин мохк хаьржира Австалин Бертан хин йолу коьрта шахьар йогӀа, иза компромисс йара коьрта шахьран статус къуьйсучу шин гӀалин, Сиднейн а, Мельбурнан а йукъахь. ГӀишлошйаран бух буьллуш уггаре дика дизайнан дуьненайукъара къовсам дӀабаьхьанчул тӀаьхьа, иза болийра 1913 шарахь, схьаийцира Чикагора архитекторийн Гриффин Уолтера Берлин а, Гриффин Мэрион Махонин а план. Канберрин дизайнан бух хилира гӀала-бешан концепци, цуьнца Ӏалашо йара Ӏаламан ораматийн шуьйра зонаш йахкар, иза бахьнехь австралихоша коьрта шахьран цӀе тиллира «bush capital» (инг. маттера гочдича — «коллин коьрта гӀала»). ГӀала йоккха хиларна а, кхиарна а Дуьненан хьалхара тӀамо а Йоккха депрессино а новкъарло йина йолушехь, Дуьненан шолгӀа тӀамал тӀаьхьа Канберра къегина гӀала хила йолайелира.
Австралин правительствон резиденци а йолуш, Канберра — Австралин парламент, Лакхара суд, дуккха а министраллаш, агенталлаш лаьтта меттиг йу. ГӀалахь кхин а йу пачхьалкхан маьӀна долу йукъараллин а, оьздангаллин а урхаллаш, масала Австралин къоман галерей а, Австралин къоман музей а. Федералан правительство доккха дакъа лоцу гӀалин валови сурсаташна, иза йу уггаре йоккхачехь Канберрера белхан меттигаш латториг.