Мухьаммад
исламан тӏаьххьара пайхамар а, элча а / From Wikipedia, the free encyclopedia
Мухьаммад (Ӏаьр. ٌمُحَمَّد; 570 шеран 22 апрелехь, Макка — 632 шеран 5 июнехь, Мадийнат, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре) — иза Делан пайхамар а, элча а ву, ислам дин даржо а, дӏакхачо а массо адамашка а, жинашка а ваийтина[4]. Улул-Ӏазм олучу элчанех цхьаъ ву. Ӏаламаш Дела цхьаъваре а, Цунна Ӏибадатдаре а йухадерзо ваийтина ву иза. Цуьнан гӀуллакх массо пайхамарийн а, элчанийн а гӀуллакх хилла, царах тӀаьххьарниг а ву иза. АллахӀа доссийна цуьнга Жибрил маликехула Сийлахь долу Къуръан. Мухьаммад нахалахь уггар везаниг а, адамийн эла а ву. Дала къинойх ларвина ву иза. И хьахийча бусалба наха салават дуьллу цунна: «Делера салам маршалла хийла цунна» (صَلَّى اللهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ), наггахь тӀетуху «цуьнан охӀланна а» (وَآلِهِ), иштта «цуьнан асхьабашна а» (وَصَحْبِهِ) олий, Къуръан чохь а, пайхамаран хьадисашкахь а деана долу дела цунна и салават дилларе нах тӀехьехар. Мухьаммад пайхамаро ﷺ йоккха лар йитина бусалбанийн дегнашкахь, цара шайна и везар а, и вазвар а гучудаккхар чӀагӀделла цуьнан омранашна а, цуьнан дахаран куьцана а, цо АллахӀан Ӏибадатдарна а уьш тӀаьхьабазарца. Цо цхьаьнатоьхна Ӏаьрбийн ахгӀайре исламан цхьана хьукман низамехь. Ткъа Къуръан а, цуьнан Ӏилма а, и диллар а пачхьалкхан хьукман бух хилла. Жуьгтийн йаздархо волчу Майкл Харта, Мухьаммад лерина хилла, дерриг адамаллин исторехь уггар чӀогӀа лоруш волу стаг ву аьлла: «Цхьаъ бен воцу стаг ву исторехь, динан а, дуьненан а даржера буьззинчу кхиаме кхаьчна».
Мухьаммад | |
---|---|
Ӏаьр. مُحَمَّدٌ | |
| |
«Ахьмад, Абул-Къасим, Набийю-т-тавбат, Набийю-р-рахьмат, Набийю-ль-мархьамат, Набийю-ль-Малхьамат, Рахьматул-мухӀдат, Саййиду валади Адам, ХьабибуллахӀ, аль-Мухтар, аль-МустӀафа, аль-Мужтаба, ас-Садикъ, аль-Масдукъ, аль-Амин, Сахьибу-ш-шафаӀати ва ль-макъами-ль-махьмуд, Сахьибул-василати ва ль-фадилати ва-д-даражатиррафиӀат, Сахьибу-т-тажжи валь-миӀраж, имамул-муттакъин, Саййидул-мурсалин, Къаидул-ГӀуррил-Мухьажжалин, ан-Набийюл-Уммий, РасулуллахӀ, ХалилуллахӀ, Хатаму-н-набиййин, Расулул-АӀзам, ас-Сиражул-Мунир, Ан-Нур,[1][2] Ар-Рауфуррахьим, Аль-Ӏурватул-Вускъа» | |
Говзалла | Ӏу, экспедитор, совдегар, пайхамар, хьехамча, политик, баьчча |
Вина терахь | 570 шеран 22 апрелехь |
Вина меттиг | Макка, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре |
Кхелхина терахь | 632 шеран 5 июнехь (63 шо) |
Кхелхина меттиг | Мадийнат, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре |
ДӀавоьллина меттиг | Сийлахь Ровзат, Ан-Набави маьждиг, Мадийнат |
Къам, некъе | Ӏаьрбий, къурайш, Бану ХӀашим |
Да | ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб |
Нана | Аминат бинт ВахӀб |
Зуда |
Хадижат бинт Хувайлид Савдат бинт ЗамӀат Ӏаишат бинт Абу Бакр Хьафсат бинт Ӏумар Зайнаб бинт Хузаймат Умм Саламат бинт Абу Умайят Зайнаб бинт Джахьш Джувайрият бинт Хьарис Умм Хьабибат бинт Абу Суфьян Райхьанат бинт Зайд Сафият бинт Хьуяй Маймунат бинт аль-Хьарис Марьят аль-КъибтӀият |
Бераш |
йоӀарий: ФатӀимат, Умм Кулсум, Рукъайят, Зайнаб кӀентий: Ибрахӏим, ӀабдуллахӀ, Къасим |
Силсила | Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манаф ибн Къусай ибн Килаб ибн Муррат ибн КаӀб ибн Луай ибн ГӀалиб ибн ФихӀр ибн Малик ибн Ан-Надр ибн Кинанат ибн Хузаймат ибн Мудрикат ибн Ильяс ибн Мудар ибн Низар ибн МаӀадд ибн Ӏаднан[3] |
Динлелор | ислам |
Дешархой | Анас ибн Малик, ӀабдуллахӀ ибн Ӏаббас[d], Укба ибн Амир[d], Зайд ибн Сабит[d] |
ГӀарадевлла белхаш | Къуръан |
Лоруш волу динаш | ислам, бабаизм, бахӀаизм, ахьмадие, каодай |
Доссийна жайна | Къуръан |
ТӀеман гӀуллакх | |
Эскар вовшахкхетар | Мухьаммад пайхамаран эскар[d] |
ТӀемаш | |
ТӀетоьхна хаамаш | |
КуьгтаӀор |
Дуьнен чу ваьлла 570-чу шарахь, Пилан шарахь Маккахь, рабиӏул-аввал баттахь, хӏижрат далале 53 шо хьалха. Иза дуьнен чу ваьлла да воцуш, дукха жима волуш ненах а ваьлла и, цул тӏаьхьа иза кхиъна шен дедас Ӏабдул-МуттӀалиба ӏуналла а деш. Цул тӏаьхьа цуьнан девашас Абу ТӀалиба кхаьбна иза, и кхиъначохь. Цу заманахь жа дажош болх беш вара иза, цул тӏаьхьа йохк-эцаран болх а бира цо. Ткъе пхиъ шо долуш цо йалийра Хувайлидан йоӏ Хадижат, дерриге а бераш цо дина дара цунна, Ибрахӏим воцург. Ислам дин хилале иза йухатухуш вара Маккахь даьржина хилла долу хӏуьппалгашна ӏибадат дар а, деланийн ӏадаташ а. Иза ша волуш а, ӏибадатдеш а вара «Хьираъ» олучу хьех чохь масийтта буьйсанна. Цуьнан шовзткъа шо долуш, 610-чу шарахь, цунна деана цу хьех чу Жибрил малик. Иштта дуьххьара Делера хаам схьаийцира цо. 613-чу шарахь цунна тӏе доьссира Жибрил малик, цуьнан шовзткъа шо долуш, элчаналла а тӏедиллира цунна. Кхаа шарахь къайлаха кхайкхаде аьлла омра дира цуьнга, царал тӏаьхьа кхин итт шо дӏадаьхьира цо Маккахь, цуьнан бахархошка гуш-хезаш ислам дине кхойкхуш. 622-чу шарахь, шен шовзткъе кхойтта шо долуш, къурайшин элаша шена дуьхьала къайлахбарт бина чул тӏаьхьа, цуьнан кхайкхамна дуьхьалбевлла и вен гӏиртина чул тӏаьхьа, цо хӏижрат дира Мадийнате, цу хенахь цуьнах «Ясриб» олура. Цигахь кхин итт шарахь ӏийра иза, ислам дине а кхойкхуш. Цигахь кхоьллира цо исламан цивилизацин тӏум, тӏаьхьо шорйелла йолу, Макка а, кхийолу ӏаьрбийн гӏаланаш а, тукхамаш а чу а лоцуш. Иштта дуьххьара ӏаьрбий Дела цхьаъ варан дин тӏехь а, цхьана пачхьалкхана тӏехь а цхьаьнатуьйхира цо. Цо кхайкхира расизм а, тукхаме расизм а духатохар.