Шапп, Клод
From Wikipedia, the free encyclopedia
Клод Шапп (фр. Claude Chappe; 1763 25 декабрехь, Брюлон, Сартан департамент — 1805 23 январехь, Париж) — оптикан телеграфан цхьаьна хьесапан французийн механик, кхоллархо.
Клод Шапп | |
---|---|
фр. Claude Chappe | |
ГӀуллакхан тайпа | изобретатель, инженер |
Вина терахь | 1763 шеран 25 декабрь({{padleft:1763|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) |
Вина меттиг | Брюлон, департамент Сарта |
Кхелхина терахь | 1805 шеран 23 январь({{padleft:1805|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (41 шо) |
Кхелхина меттиг | Париж |
Корматалла | Механик |
Гражданалла | Французийн |
Пачхьалкх | Франци |
Да | Ignace Chappe[d] |
Клод Шапп Викилармехь |
Лела бернаш болу бӀаьвнин системан гӀоьнца шен хаам дӀабахьийтаран хьесап кхуллуш, 1792 шарахь Шаппа гайтира шен семафор цӀе йолу хьесап, къоман гуламан, цуьнан сацамца 1793—1794 шерашкахь йира 225 км йеха оптикан телеграфан хьалхара аса Парижна а, Лилльна а йукъахь. Кхин а ойла йара 22 станци ян, белхан персонал вовшахтоха а, Ӏамо а. Белхалошна лора дийнахь 25 су, ледарлонна атта набахте а кхочурбара. Шаппан йелира телеграфан инженер цӀе (1793 шо), хӀоттийра французийн телеграфийн асийн директор (1794 шо). Йинчу асан тӀаьххье керланаш йан буьйлабелира, коьртаниг, тӀеман Ӏалашонна.