NABC версица студенташна йукъара шеран баскетболхо
From Wikipedia, the free encyclopedia
NABC версица студенташна йукъара шеран баскетболхо (инг. NABC Player of the Year) — хӀора шеран баскетболан совгӀат, ло уггаре дика студенташна йукъара баскетболхочунна кхаж тасаран жамӀашца. И совгӀат юкъадаьккхина Баскетболан тренерийн къоман ассоциацис (БТКъА) (инг. National Association of Basketball Coaches (NABC)), дуьххьара делла Къилбаседа Каролина штатан университетера Томпсон Дэвидан 1974/75 шарахь студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) I дивизионехь. Ткъа 1982/83 шарахь кхин а дала долийна студенташна йукъара NCAA II а, III дивизионашкара уггаре дика баскетболхошна. СовгӀатан спонсор ю америкин компанийн тоба State Farm Insurance.
NABC версица студенташна йукъара шеран баскетболхо | |
---|---|
инг. NABC Player of the Year | |
Мохк | АЦШ |
Тайпа | СовгӀат |
Хьанна ло | NABC (NCAA 1-ра дивизион) |
Хьан ло |
National Association of Basketball Coaches а, State Farm Insurance а |
Статистика | |
Кхолларан терахь | 1975 |
Сайт | nabc.org/awards/poy |
Шина ловзархочунна бен, Сэмпсон Ральфан а, Уильямс Джейн а ца делла и совгӀат шозза, Дюрант Кевин а, Уильямсон Зайон а бен ца хилла совгӀатан лауреат, хьалхара курсехь болуш. Кхузза и совгӀат даьккхина шишша ловзархоша (2002, 2004, 2006). Уггаре дукха и совгӀат делла Дьюкан университетан баскетбол (6 раз). ТӀаьххьара совгӀат даьккхинарг ву Дьюкан университетера Уильямсон Зайон.