Азербайджанан истори
From Wikipedia, the free encyclopedia
Азербайджанан истори — ширачу заманара таханлера денош кхаччалц йолу Азербайджанан истореш. Азербайджанан махкахь нах охьахевшина палеолитан заманахь дуьйна (хьалхара адамаш лаьттина меттигаш карийна Азыхан хьехахь, Гобустанехь и кх. дӀа). I бӀешерера вайн эрера V бӀешо кхаччалц хӀинцалера Азербайджанан махкахь йара полиэтносан паччахьалла Кавказан Албани (387 шо кхаччалц Кура эркан аьрру берд тӀехь бен йацара), Куран аьтту бердан областаш (Арцах а, Утик а) йукъахь хилла Йоккха Эрмалойчоьн, ткъа къилба-малхбален регионаш йукъайолхара эрмалойн провинцин Пайтакаранна а, Атропатенина а. IV бӀешарахь дуьйна Эрмалойчоьнан пачхьалкхан дин хуьлу керсталла, тӀаккха эрмалой буьйлало керсталлин дин кхайкхо Кавказан Албанехь.
VIII бӀешарахь эрмалойчоьнан, Албанин, Атропатенин мехкаш йукъахь дара Ӏаьрбийн халифатан, регионе чудан доладелира ислам а, исламан оьздангалла а. Халифат йоьхначул тӀаьхьа кхузахь кхоллало цхьа могӀа феодалан пачхьалкхаш (Ширваншахийн, СаларигӀеран, СаджигӀеран, ШеддадгӀеран, РаввадгӀеран).
XI бӀешарахь и мохк Сельджукийн империн Ӏедалан кӀелайоьда, тюркийн тайпанаш кхалхар бахьнехь йолало регионан шира бахархойн тюркизаци (албанийн а, иранан а тайпанаш, эрмалой), цуо йолайо азербайджанийн этнос колладаларан процессан йуьхьиг[1], иза чекхйолу коьртаниг XV бӀешо чекхдолуш[1]. XII бӀешарахь Арранан мохк ИльдегизгӀеран пачхьалкхан йукъабоьду. XIII бӀешарахь монголаш тӀелата болало. ХӀинцалера Азербайджанан мохк ХулаггӀеран а, ТимаргӀеран Ӏедалан карабоьду, уьш гӀелйелча регионехь даьржа туркоманийн пачхьалкхийн Кхара-Коюнлун а, Акх-Коюнлун а Ӏедал даьржа. XVI бӀешо долалуш Чоьхьара Кавказ СефевидгӀеран пачхьалкхан йукъайоьду. 1747 шерера XIX бӀешо доладаллалц йара дуккха а этносех лаьтта ахмаьрша азербайджанийн ханаллаш. XIX бӀешо долалуш, цхьаьна хенахь ханаллаш дӀалаьцна мехкаш, дехьадовлу Российн импере. Схьатоьхна мехкаш доькъу губернешка а, уездашка а.
1918 шарахь импери йоьхначул тӀаьхьа Малхбален Чоьхьара Кавказан махкахь маршо кхайкхайо Азербайджанан Демократин Республика (1918 шо кхачале азербайджанийн, луларчу гуьржийн а, эрмалойн а санна (цара шеш лорура бӀешерашкара къоман ламасташ дӀакхоьхьурш), шайн паччахьалла ца хилла, Чоьхьара Кавказан бусалбачарна шеш бусалбачу дуьненан хӀоттаман дакъа, умма, хетара, [2][3]). 1918 шо кхачале «Азербайджан» йукъабоьдура коьртаниг Аракс эркан къилбехьара мехкаш, ткъа хӀинцалера Азербайджанан мехкан ладаме дакъа историн агӀора дӀалоцура коьртаниг Арран а, Ширван а областаша. 1920 шеран апрелехь кхуллу Азербайджанийн ССР, 1936 шарахь дуьйна йукъайоьду ССРСн. 1991 шарахь Азербайджанан Республико маршо а кхайкхайой ССРС йукъара арайолу.