А́кхарой[1][2], йа дийна дуьненна тӀе йовларш[1][3], йа те́реш[2] (лат. Theria), — декха дийнатийн дерриг таханлера дийна дуьненна тӀедовлу декха дийнаташ цхьаьнатуху бухара класc, цара кӀорнеш йо тевна а ца дуьллуш (царна йукъахь плацентин а, гай-тӀоьрмигнаш а). Дерриш декха дийнаташ, адамаш тӀехь, — акхарой йу. Декха дийнаташна йукъахь акхаройн бухара классан дуьхьала хӀоттийна хӀоьаш доху хьалхара акхаройн бухара класс. Цхьацца (дукхаха дерг — ширйеллачу) классификацешкахь Декха дийнаташ а, Акхарой а терминаш синонимаш йу, ткъа акхарошна лелайо термин Бакъ акхарой; оцу классификацешкахь хьалхара акхарой акхаройн бухара класс йу[4].
Доца факташ Акхарой, Ӏилманан классификаци ...
Акхарой |
---|
|
|
Theria Parker & Haswell, 1897 |
- Гай-тӀоьрмигенаш (Marsupialia)
- Плацентийнаш (Placentalia)
|
|
ДӀачӀагӀа
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Акхарой (маьӀнаш).
Дехар «Экха» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
Акхаройн векалийн арахьара лергаш хуьлу (уьш доцуш а хуьлу цхьацца хин дийнаташ, масала, бакъ тюленаш), церан кӀорнеш некхах йекхаш хуьлу, церан хуьлу хьорка, цуо церан леларан ницкъ тӀетуху (хьорка йац, тӀехьара когаш дӀадевллачеран — киткепарчеран, пиллигкогашдолчеран, сиренийн). Акхаройн классификаци цергаш вовшехлатаран суьртаца хӀоттайо.