Астрономи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Астроно́ми — стигл Ӏалам толлуш долу Ӏилма. Астрономис толлу стиглара хӀуманийн а, царех хӀотталуш йолу системийн а дӀанисдалар, лелар, хӀоттам, схьадалар а.
Масала, астраномис толла Малх а, кхидолу седарчий а, Малхан системин планеташ а, цера спутникаш а, кхоьчу седарчийн системашкахь йолу планеташ а (экзопланеташ), астероидаш, кометаш, метеориташ, планеташна йуккъера хӀума а, седарчашна йуккехь йолу хӀума а, пульсараш, Ӏаьржа Ӏуьргаш, тачанаш, галактикаш, галактикийн гуламаш, квазараш, и. к. д.
Астрономи йолу дукха хан йу. Хьалха хилла культураш шайн тӀаьхьа йитина дукха астрономица йоьзна артефакташ, масала Шира Египтан монументаш а, Стоунхендж а. Вавилонцаш а, грекаш а, китайцаш а, индийцаш а, майяс а буьйсана стигалан терго йора. Телескоп йкъайаьлча астрономин кхиар чӀогӀа сихъелира. Астрономин йукъайогӀура астрометри, седарчашца навигаци, тидаме астрономи, календарьш кхоллар, астрологи.
XX бӀешарах астрономи шина декъа йекъайелира: тидаме а, теорин а. Тидаме астрономи йу стигалан хӀуманах лаьцна тидаме хаамаш гулдар. Теорин астрономис астрономин хӀуманашна а, хиларшна а компьютеран а, математиан а, анализан а моделаш хӀоттайо. Оцу шина дакъас вовше тӀедуза: тидаме астрономис хаамаш гулдо, теорин астрономис оцу хаамашна бахьанаш лоьху.
2009 шо ООНс кхайкхина астрономин шо. Астрономи йу кӀеззига йисина Ӏилманах цхьаъ астрономин дезараш доккха дакъа лоцуш.