Берч
From Wikipedia, the free encyclopedia
Чкъоьран берч — чкъоьран деха хьекхадаларан йа Ӏаткъаман жамӀ. Гучудолу чӀагӀйелла областийн кепара (эпителийн клеткаш йалар) — декъа берч; йа берчан ахкарг, чкъоьран лакхарчу декъехь хуьлу хӀесийн тӀуналла — тӀеда берч. ТӀуналла гулло дохийна чкъоьран бухахь, ларйо иза кхин дӀа йохайарх, таро ло цунна тойала.
Доца факташ Чкъоьран берч, МКБ-10 ...
Чкъоьран берч | |
---|---|
МКБ-10 | L84.084.0 |
МКБ-9 | 910910-914914, 940.0940.0-949.5949.5 |
DiseasesDB | 1777 |
MedlinePlus | 003239 |
MeSH | D001768 |
ДӀачӀагӀа
ТӀуналлица цӀий хала тарло, тӀаккха берчах — цӀийн берч олу. Иштта ахкарг долу, дукхаха дерг, цӀий лела пхенаш берч хилла меттигера чкъоьранна гергахь лаьтташ хилча, ткъа чкъор чӀогӀа даийна а, Ӏаткъам бина а хилча.
Дукха хьолехь берчаш йовлу когашна тӀаьхь готта мачаш хилча, куьйгашца болх бича.