Буддизм ХӀиндехь
From Wikipedia, the free encyclopedia
Буддизм кхоллаелла ХӀиндин къилбаседехь. Иза кхоьллинарг — Сиддхартха Гаутама, Будда («самваьккхинарг») Шакьямуни («Шакья тайпанера хьекъалча»). Буддан Ӏилма уггаре чӀогӀа къегира Бимбисара, Ашока, Менандер I, Канишка паччахьийн урхаллин хенахь, цара дола а деш. Оцу хенахь иза чукъаьчнера дукхаха долчу луларчу а, генарчу а мехкашка, царна йукъахь ю Цийчоь, Корей, Япон.
ХӀиндин бусалбанаш 712 шарахь чубаьхкинчул тӀаьхьа буддизм йожа йолаелира шен даймахкахь[2]. XIII бӀешарахь цуо чаккхенца йохайо шен меттиг, цунна новкъарло йо «хӀиндуистийн ренессансо». Буддистийн ладаме барам бисира Гималайхь: Ладакхехь, Аруначал-Прадешехь, Сиккимехь. Тахана буддисташ лору 0,7 % хӀиндихой[3][4].