Канада
From Wikipedia, the free encyclopedia
Кана́да (инг. Canada [ˈkænədə]; фр. Canada [kanaˈda]) — Къилбаседа Америкин пачхьалкх, латтан майданца дуьнехь шолгӀа меттигехь йу. Гуонахьа кхаа Ӏапказан хиш ду: Атлантикин, Тийна, Къилбаседа Шен Океанийн, дуьненахь уггаре беха хин берд бу. Доза ду АЦШца къилбехахь а, къилбаседа-малхбузехь а, ткъа иштта хӀордаца доза ду Даница (Гренланди) къилбаседа-малхбалехь, Францица а (Сен-Пьер а, Микелон а) малхбалехь. Канадан а, АЦШ а доза дуьненахь уггаре деха доза ду шина пачхьалкхана йукъахь.
Канада | |||||
---|---|---|---|---|---|
Canada | |||||
| |||||
Девиз: «лат. A mari usque ad mare От моря до моря» |
|||||
Канадан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
1867 шеран 1 июль (Британин Къилбаседа Америкин акт) 11 декабрь 1931 (Вестминстеран статут 1931) 1982 шеран 17 апрель (Канадан акт 1982) (Цхьаьнатоьхна монархи) |
||||
Официалан меттанаш | ингалсан а, французийн а | ||||
Коьрта гӀала | Оттава 45°24′ къ. ш. 75°40′ м. д.HGЯO | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Торонто, Монреаль, Ванкувер, Калгари | ||||
Урхаллин тайпа | конституцин монархи | ||||
Монарх Генерал-губернатор Премьер-министр |
Елизавета II Дэвид Ллойд Джонстон Стивен Харпер |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 9 984 670 км² (2-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 8,62 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲34 568 211[1][2] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• ХӀораннан а сина | 43 145[3] долл. | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг (2013) | 1,518 трлн.[4] долл. (13-гӀа) | ||||
АДКИ (2013) | ▲ 0,911[5] (лакхара; 11-гӀа меттиг) | ||||
Ахча |
Канадан доллар (CAD, код 124) |
||||
Интернет-домен | .ca | ||||
Код ISO | CA | ||||
Код МОК | CAN | ||||
Телефонан код | +1 | ||||
Сахьтан аса | −3:30 — −8 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Канада — парламентан системица йолу конституцин монархи (паччахьалла) йу, цуьнан монарх ву Британин къаьмнийн доттагӀаллин монарх; Канада — шимотт буьцу а, дуккха оьздангаллин а мохк бу, цигахь ингалсан а, французийн а меттанаш официалан лаьрра федералан тӀегӀанехь. Технологин а, промышленни а кхиъна пачхьалкх, Канада йу дукха отраслан экономика, йехачу Ӏаламан ресурсашна а, йохк-иэцарна (масала АЦШ, цуьнца Канадас комплексца болх бо колонеш йолчу хенахь а, Конфедераци кхоьллинчу хенахь дуйна) а тӀехь бух болуш.
Кхоьллина 1534 шарахь французийн талламхочо Ж. Картьес, Канада дӀайолайо шен йуьхьиг хӀинцалера Квебек йолчура французийн колони тӀиера, йуьхьанца дехаш меттигера къаьмнаш бен дацара. Ингалсан колонизацин муьрал тӀаьхьа, кхаа британин колонийн бартах (хьалха Керла Францин мехкаш хилла болу) хилира канадан конфедераци. Канада Маьрша йелира Цхьаьнатоьхна Паччахьаллех машаран процессан жамӀаца, бахбеллачу 1867 шерера 1982 шо кхаччалц.
Тахана Канада федеративан пачхьалкх йу, лаьтта исс провинцех а, кхаа мехках а. Французийн мотт буьйцурш алсама болу провинци — Квебек, йисинарш — дукхах дерг ингалсан мотт буьйцу провинцеш йу, царех иштта ингалсан Канада а олу Квебекца йустуш. Ингалсан мотт буьйцу исс провинцех цхьаъ йолу, Нью-Брансуик йу официалан шинаметтан канадин провинци. Юконан мохк официалан шинаметтан йу (ингалсан а, французийн а), ткъа Къилбаседа-Малхбузан мехкаш а, Нунавут мохк а лору цхьайтталгӀа, цаьрца цхьаьна биъ официалан мотт а (царна йукъахь иштта бу ингалсан а, французийн а).