КӀади
From Wikipedia, the free encyclopedia
КӀади — текстилан киса, кечдина кӀадин чархан тӀехь дуцарца вовшен перпендикуляран тайнин сиситемашца.
КӀади лаьтта шина вовшен дуцалуш долчу тайнин системех, уьш вовшен перпендикуляран ду. КӀадин дохаллехь лаьтта тайнин системех олу бух, ткъа тайнин системех, пурхнехьа лаьттачу тайнех, — шоралха-тай. Тайнех олу коьртаниш а, шоралха-тай а. КӀадин тайнаш кӀадин хоттаман коьрта гайтам бу. Бухан а, шоралха а тайнаш дуцало цхьаьна билгалчу низамехь (иза дозу минимум тайн барамех — раппортах, — оьшучу чекхдаьлла кӀадий дуцаран суьртах). Цуо кӀади дарна Ӏаткъам бо билгалчу дуцаран структурехь, кепаца, хьолаца.Атта дуцар (шера йа коьрта) хуьлу полотнон, саржан, сатинан, атласан йа иэйна.
Къасто оьшу кӀадеш кхечу хьесапца дина текстилан полотнох: трикотажан полотнох, до дуцарца , аьлча а вовшех уьйр йолу шеддийн могӀанца, дуьцина доцу материалех (царна йукъатоха мегар ду иштта датийна-истангийн а, гататегаран материалаш).