Латинан Америка
From Wikipedia, the free encyclopedia
Лати́нская Аме́рика (испан. América Latina, Latinoamérica, порт. América Latina, фр. Amérique latine) — америкин мехкаш а, латтанаш а гулдаран цӀе, официалан леладо романийн меттанаш, уггаре хьалха — иберин-романийн, испанхойн, португалихойн, наггахь кхин а галлийн-романийн, французийн. ЦӀе романийн меттанаш латинан меттах схьабевлла дера тиллина. Бахархой — 661 млн ст. (2021 шеран 9 сентябрехь) (Дуьненан бахархойх 8,9 %)[2].
Латинн Америка | |
---|---|
Мохк | 20 197 000[1] км² |
Бахархой | 661 012 393 (2021)[2] стаг |
Йукъахь йу | 20 мохк[3], кхин а 6 йозу[4] пачхьалкхаш |
Мотт | испанхойн, португалихойн, кечуан меттанаш, майян меттанаш, гуарани, французийн, аймара, ацтекийн меттанаш, италихойн |
Медиафайлаш Викилармехь |
Кхин гергара цхьа термин ду Иберин-Америка, цуо билгалдаха тарло иберин-романийн меттанаш дуьйцу (Латинан Америка Франкийнметтанийн мехкаш доцурш) Америкин мехкаш, йа изза мехкаш шайн Пиренейн ахгӀайренна (Испани а, Португали а) тӀера метрополешца цхьаьна.
XIX бӀешо дӀадаллалц АЦШс иштта лелайора Испанин Америка термин, цуо билгалбохура АЦШ къилбехьара берриг испанхойнметтан мехкаш[5].