Маьрша Европа/Радио Маршо
From Wikipedia, the free encyclopedia
«Ра́дио „Маршо́“» (юьззина цӀе — «Радио „Маьрша Европа“/Радио „Маршо“», РСЕ/РС[3]; инг. Radio Free Europe/Radio Liberty, RFE/RL) — дуьненайукъара коммерцин йоцу радиокъамелийн кхоллам, финансаш латтайо АЦШ конгрессо Телерадиокъамелийн гӀуллакхьан урхаллин советан (BBG) йукъараллийца[4]. Шайн мисси кхайкхайо, «прессан маршо Ӏедалаш ца магийна я тоъал кхиина йоцу пачхьалкхийн демократин мехаллашна а, институташна а хааман журналистикица гӀолацар»[5].
Радио «Маьрша Европа»/Радио «Маршо» | |
---|---|
Пачхьалкх | АЦШ |
Лестам | |
Къамелан зона | дерриг дуьненан |
Къамел долийна терахь | 1953 |
Къамел чекхдаьккхина терахь |
21 июнь 2010 (68,30 УЙТ лестамехь) 10 ноябрь 2012 (1044 кГц ЮТ лестамехь) 26 июнь 2016 (йоца тулгӀенаш тӀехь) |
Кхоьллинарг | АЦШ пачхьалкхан Iедалан Лакхара федералан меженаш[d][1] |
Куьйгалхой | Стивен Капус[d][2] |
Сайт | www.svoboda.org |
Онлайн-трансляци | ю |
Медиафайлаш Викилармехь |
2017 шеран августан хьолаца къамел до 26 маттахь 23 Малхбален Европин, Йуккъера Азин, Гергара а, Йуккъера а Малхбален пачхьалкхашка[6]. Эфиран къамелал сов, «Радио „Маршо“» иштта къамелаш до Интернет чухула а, кхуллу телевизионан суьрташ. Кхолламан штаб-квартира Прагехь ю (1995 шо кхаччалц Мюнхенехь йара), кхин а йу 17 регионан бюро а[6]. РС официалан сайтан хаамашца, РСЕ/РС болхбеш ву 400 гергга штатан журналист а, 750 гергга фрилансер а[6][7]. Newsru.com хаамашца, 2006 шарахь Россехь РС бара 60 штатан а, 200 гергга штатехь боцу а журналисташ[8].