СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Ӏаьрбийн ахгӀайренехь йолу Ӏаьрбийн пачхьалкх / From Wikipedia, the free encyclopedia
Саӏу́дийн Ӏаьрбийчо́ь, доцца СаӀудийчо́ь, официалан СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан пачхьалкх (Ӏаьр. المملكة العربية السعودية — Аль-Мамлакату-ль-Ӏарабийяту-с-СуӀудийяту) — иза Ӏаьрбийн ахгӀайренехь йолу йоккха пачхьалкх йу, нефть а доккхуш, хьал а долуш Къилбаседа-малхбалехьа ГӀажарийн аймаца гуо баьккхина мохк бу, малхбузера — ЦӀен хӀордана йуххехь.
Доца факташ СаӀудийн Ӏаьрбийчоь, Кхоьллина ...
СаӀудийн Ӏаьрбийчоь | |||||
---|---|---|---|---|---|
Ӏаьр. السعودية | |||||
| |||||
Девиз: «Дела вац Аллахӏ воцург, Мухьаммад Аллахӏан элча ву [1]» |
|||||
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Кхоьллина | 1932-чу шеран 23 сентябрехь1932-чу шеран 23 сентябрехь | ||||
Официалан мотт | Ӏаьрбийн | ||||
Коьрта гӀала | Рияд | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Рияд, Макка, Мадинат, Джиддат | ||||
Урхаллин тайпа | Абсолютни монархи | ||||
Паччахь Принц |
Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Мухьаммад бин Найиф |
||||
Пачхь. дин | ислам, суннатхой | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 2 149 000 км² (12-гӀа дуьненахь) | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲26 939 583[2][3][4] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2011) | 691,5 млрд[5] долл. (24-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 24 200[5] долл. | ||||
АДКИ (2013) | ▲ 0,782[6] (лакхара; 57-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | саӀудий, Ӏаьрбий | ||||
Ахча | СаӀудийн риал | ||||
Интернет-доменаш | .sa, السعودية. | ||||
Код ISO | SA | ||||
Код МОК | KSA | ||||
Телефонан код | +966 | ||||
Сахьтан асаш | +3 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][7] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
Вуьшта СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан цӀе йоккху: «Шина Хьараман мохк» олий, хӀунда аьлча, цигахь бусалба нехан коьрта сийлахь-йеза ши гӀала йу — Макка а, Мадинат а.
Ӏаьрбийн маттахь мехкан йоцца цӀе: (Ӏаьр. السعودية — Ас-СуӀудийяту) йу. СаӀудийн Ӏаьрбийчоь хӀинцалерачу хенахь, шен СаӀудийн урхалладеш йолчу династин цӀе лелош йолу дуьненан кхаа пачхьалкхах цхьаъ йу.