Склодовски-Кюри, Мари
From Wikipedia, the free encyclopedia
Мари Саломеа Склодо́вски-Кюри́ (фр. Marie Curie, пол. Maria Skłodowska-Curie; Бакъ цӀе Мария Саломея Склодовская, пол. Maria Salomea Skłodowska; 1867 шеран 7 ноябрь, Варшава, Польша, Российн импери — 1934 шеран 4 июль, Санселльмоз уллехь, Франци) — полякийн а, французийн а Ӏилманча-экспериментатор (физик, химик), педагог, йукъараллин гӀуллакххо. Шозза Нобелин совгӀатан лауреат: физикин а (1903 шо) химин а (1911 шо)[3], исторехь хьалхара шозза Нобелин совгӀатан лауреат. Цо кхоьллина Институт Кюри Парижехь а, Варшавехь а. Склодовская-Кюри цӀе тиллина Варшавехь йолу институтан. Иза йара Пьер Кюри зуда. Цара цхьана болхбира радиоактивность толлуш. Иштта цу шинна карийра радий а, полоний а (латинийн маттахь Польшин цӀарах догӀуш ду иза. Polōnia — М. Склодовская даймохк ларар бахнехь).
Мари Склодовски-Кюри | |
---|---|
Maria Skłodowska-Curie | |
Бакъ цӀе | Мария Саломея Склодовская |
ГӀуллакхан тайпа | физик, химик, университетан профессор |
Йина терахь | 1867 шеран 7 ноябрь({{padleft:1867|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1934 шеран 4 июль({{padleft:1934|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (66 шо) |
Кхелхина меттиг | Санселльмоз уллехь, Франци |
Корматалла | физик, химик |
Гражданалла | Росси- Польша, Франци |
Да | Владислав Склодоский |
Нана | Бронислава Склодовская |
Бераш |
|
СовгӀаташ | |
Куьг таӀор | |
Мари Склодовски-Кюри Викилармехь |