Хань (некъий)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Импери Хань (ций. 漢朝, 汉朝, : Hàn cháo, : Хань чао; в.э. 206 шо хь. — 220 шо) — цийн импери, урхалла деш хилла Лю некъий. Цуо тешалло до ханан чоьхьара политика аьтту болуш хилар, иза уггаре дукха лаьттина муьлххачу имперел цийн исторехь. Цуьнан урхалла а, институташ а масала хилира тӀехьарчарна. Цул сов, цийшан этносан тобанан бух хилира Хань.
Историн пачхьалкх | |||
Импери Хань | |||
---|---|---|---|
漢朝 | |||
|
|||
вайн эрал 206 шо хьалха — 220 шо
|
|||
Коьрта гӀала | Чанъань, Лоян | ||
Ахча | бань лян, учжу | ||
Майда | 6 млн км² (в.э. 50 шо хь.[1]) | ||
Бахархой | 59 594 978 стаг (2 шо[2]) | ||
Урхаллин тайпа | Абсолютан монархи | ||
Медиафайлаш Викилармехь |
Урхалла ден некъий Хань имперехь кхоьллира Лю Бана. Йуьхьанцара муьро (в.э. 206 шо хь.) коьрта шахьар Чаньанехь йолуш лелайора цӀе хьалхар Хань (前漢) йа малхбузен Хань (西漢). Империн истори йазйина йу Ханьшус. Лю некъийн урхалла йукъара даьлла 16 шарна 8—23 шерашкахь, бахьна Ӏедал дӀалацар ду зударийн агӀора гергарчо Ван Мана (Синь некъий).
ШолгӀачу муьрах (25—220) коьрта шахьар Лоян йолуш олу тӀехьара Хань (後漢) йа малхбален Хань (東漢). Цуьнан истори йуьйцу Хоу Ханьшун сочиненехь.