Цийн Халкъан Республика
From Wikipedia, the free encyclopedia
Цийн-мохк (ций. 中國, 中国, : Zhōngguó, : Чжунго), официалан цӀе — Цийн Халкъан Респу́блика (ЦХР) (ций. 中華人民共和國, 中华人民共和国, : Zhōnghuá Rénmín Gònghéguó, : Чжунхуа Жэньминь Гунхэго) — Малхбален Азин социалистийн пачхьалкх йу.
Цийн Халкъан Республика ций. 中華人民共和國, 中华人民共和国, : Zhōnghuá Rénmín Gònghéguó | |||||
---|---|---|---|---|---|
ций. 中华人民共和国 | |||||
| |||||
Цийн Халкъан Республикин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Кхоьллина | 1949 шеран 1 октябрехь1949 шеран 1 октябрехь | ||||
Официалан мотт | Цийн[1] | ||||
Коьрта гӀала | Пекин | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Чунцин, Тяньцзинь, Шанхай, Пекин, Гуанчжоу | ||||
Урхаллин тайпа | социалистически (коммунистически) республика | ||||
Председатель, ЦК ККП секретарь Председателан гӀовс Госсоветан Премьер Председатель ВСНП Председатель НПКС |
Си Дзиньпин[2] Ли Юаньчао[3] Ли Кецян[4] Джан Дедзян Дзя Цинлинь |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 9 596 960[5] км² (3-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 3,8 | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 1 349 585 838[6] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2013) |
7,318 трлн.[7] долл. |
||||
• ХӀораннан а сина | 6,569[8] долл. | ||||
ДЧС (НЭТ) | |||||
• Шадерг | 12,383 трлн.[9] долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | 9 828[9] долл. | ||||
АДКИ (2013) | 0,699[10] (йукъара; 101-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | китайш | ||||
Ахча | юань (женьминьби) (CNY, код 156) [11] | ||||
Интернет-домен | .cn, .中国, .中國, .公司, .网络 | ||||
Код ISO | CN | ||||
Код МОК | CHN | ||||
Телефонан код | +86 | ||||
Сахьтан аса | +8 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Дуьнен тӀехь уггаре а дукха халкъ долу пачхьалкх йу (1,36 млрд гергга[12], дукхаха долу къам — этнически цийш бу, шайн цӀе — хань йолуш); кхоалгӀа меттехь йу шен майданца, шелла а дукха латта Российхь а, Канадехь а бен доцуш.
Йоккха пачхьалкх йу, потенциалан онда пачхьалкх йу, экономикин онда пачхьалкх йу, КЪЦКХ-н Кхерамазаллин Кхеташонан даиман а йолу декъашхо йу. Дуьненахь космосан белхан пачхьалкхехь коьртехь йолчарех цхьаъ пачхьалкх йу, ядеран герз ду, дуьнен тӀехь уггара доккха эскар а ду.
2010 шарахь цийн экономика хьалха йаьлла японийчул а, номиналан ЧВГӀ-ца дуьненахь шолгӀа экономика хилла[13]. 2014 шеран декабрехь дуьйна йу дуьненахь хьалхара экономика ЧВГӀ-га диллича[14]. ЦХР йу дуьненахь дукхаха йолу индустрин гӀирсашдарехь хьалхе лелош, цу йукъахь автомобилаш йар а, уьш йохкайаларехь а. Дуьненан йоккха экспортёр («дуьненан фабрика») йу иза. Дуьненахь уггара а дукха дешийн-валютан резерв йу.
Цийн-мохк дуьненйукъара кхоллараш йукъах бу: КЪЦКХ, ЙГӀА (АТЭС), G20, Дуьненайукъара йохкэцаран кхоллар (ДЙКХ; 2001 шеран декабрехь дуьйна[15]), кхин тӀе ШОС а, БРИКС а.
1949 шарахь Цийн Халкъан Республика дӀакхайкхичхьана Ӏедалехь йолу партии Цийн Коммунистийн парти (ЦКП) йу.