Кадыров, Рамзан Ахматович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Рамза́н Ахма́тович Кады́ров (5 октябрь 1976, Хоси-Йурт, Курчалойн кӀошт) — Российн пачхьалкхан а, политикин гӀуллаккхо а ву.
Рамзан Кадыров | |
---|---|
Дин | суннизм, Суфизм, кадирия[d] |
Да | Ӏабдулхьамидан кӀант Кадыров Ахьмад-Хьажи[1] |
Нана | Аймани Несиевна Кадырова |
Зуда | Медни Мусаевна Кадырова[d] |
Бераш | Кадырова, Айшат Рамзановна[d], Ахмат Кадыров[d], Кадыров, Адам Рамзанович[d] |
Парти | |
Дешар | |
ГӀуллакхалла | Политика[2] |
Динлелор | суннизм, Суфизм, кадирия[d] |
Автограф | |
СовгӀаташ | |
ЦӀе | генерал-майор милиции[d], генерал-полковник[d][3] |
Латар | |
Медиафайлаш Викилармехь |
2007-чу шеран 15 февралехь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхо ву (2016-чу шеран 25 мартехь дуьйна Нохчийн Республикин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдийриг санна ву; 2007—2011-чу шерашкахь Нохчийн Республикин президент вара), «Йукъара Росси» олучу лакхара партин советан декъашхо а, Российн Федерацин Турпалхо а ву (2004). Нохчийн Республикин хьалхарчу президентан Ахьмад-Хьаьжи Кадыровн кӀант ву иза.
Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдучу муьрехь цо дакъалаьцна федерацин эскарийн дуьхьала тӀеман гӀуллакх дарехь, нохчийн ШолгӀачу тӀамехь федерацин Ӏедалан агӀор дехьаваьлла иза.
Нохчийн Республикин кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун болх бина цо, цул тӀаьхьа Нохчийн Республикин Ӏедалан председателан болх а бина. Полицин генерал-майор а ву иза[4].