Коммунизм
From Wikipedia, the free encyclopedia
Коммуни́зм (схьадаьлла лат. commūnis «йукъара» бохучу дашах) — теоретикин йукъараллин а, экономикин белхан гӀирсийн йукъара бахаман тӀехь бух болу а хӀоттам, цуьнца латтайо социалан нийсалла[1]. Кхин а «коммунизм» дукха хьолехь олу аьрру йистера, коммунистийн йукъаралла хӀоттор Ӏалашо йолу идеологех[2]. Оцу контекстехь цхьаьнатуху тайп-тайпана ишколаш а, некъаш а, масала марксизм, социалан анархизм (анархо-коммунизм), ткъа кхин а царна гергара политикин идеологеш.
Практикехь иштта хӀоттам цкъан а ца хилла, амма «коммунистийн пачхьалкх» термин леладора малхбузен прессо ССРС а, шеш социалистийн кхайкхийна йа лору мехкаш хьахош.
Марксизман бух биллинчеран белхашца, коммунизман ойла йу лакхара кхиина белхан ницкъаш хилийта, пачхьалкх, ахча, йукъаралла социалан классашка бекъабалар ца хилийтар. Ойла йу, белхан гӀирсийн йукъараллин бахам баржийча иза дерриг хила тарло аьлла[3]. Коьрта хьесап: «ХӀораммо — хьуьнаршца, хӀоранна — оьшшучул!»[4]
Термин «хьалхара бахаман коммунизм» леладо йукъараллин тайпанийн классел хьалхара хӀоттам буьйцуш (советийн историн терминологехь — «хьалхара бахаман-йукъараллин хӀоттам»).