Сом
From Wikipedia, the free encyclopedia
Сом — Российн, Белоруссин, ГӀиргӀазойчоьнан, Узбекистанан валютан нохчийн цӀе (российн сом, белоруссин сом, гӀиргӀазойн сом, узбекистанан сом), ткъа иштта къобалъянза йолчу пачхьалкхан Днестрйисттера Молдавин Республикин (днестрйисттера моладавин сом). Российн Федерацин сом Росси йоцучохь кхин а лела цхьа могӀа къобалъянза я цхьаццама къобал йина пачхьалкхашкахь: Къилба ХӀирийчоьхь а, Абхазехь а. Донбассера тӀом бахьнехь из алело таро ю Украинин Донецкан а, Луганскан а областашкахь (шеш кхайкхийначу Луганскан а, Донецкан халкъан республикашкахь)[1][2].
Хьалхарчу заманахь сом ахча дара: бекъабеллачу муьран оьрсийн республикийн а, олаллийн а, Литван Сийлахь-Доккха олаллин[3], Оьрсийн паччахьаллин, Российн империн, Россера гражданийн тӀом болучу муьрехь хилла дуккха а кхолламийн, РСФСР (1917—1923), Советийн Союзан (1923—1991), Латвин (1992—1993), Украинин (1991—1992), Таджикистанан (1995—2000), кхин а дуккха а пачхьалкхийн.
Декъало 100 кепекан. Российн соьман ISO 4217 стандартан код — RUB (RUR 1998 шарахь деноминаци хилале), терахьан код — 643 (банкин системехь хьалха санна лелайо шира 810); белоруссин — BYN, терахьан код — 933 (2016 ш. 1 июлехь дуьйна); днестрйисттера молдавин — PRB (официалан йоцу, терахьан код йац).