Лом (лат. Panthera leo) — экха декха дийнатийн тайпа, веаннах цхьа векал пантерийн (Panthera) тайпана, цицигаш (Felidae) доьзалера даккхий цицигийн (Pantherinae) бухара доьзалйукъара ду. ЦӀоькъалоьмаца цхьаьна — уггаре доккха хӀинца дехачех цициг, цхьа долчу боьршачу лоьман масса кхача тарло 250 кг[1]. Хала ду ала, деза дуй теша уггаре даккхий лоьмаш, уггаре даккхий цӀоькъа лоьмел, йа дац. Иза доьзна ду, исторехь уггаре йаккхий массаш амуран цӀоькъа лоьмийн лаьрра мелла а нийса йоцуш[2].
Уггаре даккхийчу лоьмийн (масала, берберийн) барамех а, дозаллех а тоъал хаамаш Ӏилманехь бац. Ткъа чудоьхкина дийнаташ дукха хьолахь ийна тайпанаш хуьлу. Ӏилманчашна хетало, чохь кхобу лоьмаш мелла а даккхий хуьлу цӀоькъалоьмел барамца а, дозаллийца а[3].
Лоьман историн ареал хилла дуккха а шуьйра хӀинцалерачул: йуккъера бӀешерашкахь лом хуьлуш хилла йерриг Африкехь, гӀум-аренаш а, тропикан хьаннаш а йоцучохь, иштта иза ган таро хилла Гергара Малхбалехь, Иранехь, цхьаццанхьа къилба Европехь а (масала, иза даьхна хӀинцалерачу Российн къилбан декъехь, хьалакхочуш хилла 45-гӀа къилбаседа параллелашка). Къилбаседа а, Къилбаседа-Малхбузан а ХӀиндехь лом тамашийна хеташ экха а ца хилла. Амма адамо меттиг гатйина, Африкехь лом дисина Саьхьаран къилбехьа, цуьнан ареал хӀинца чӀогӀа гатъелла. Азехь жима популяци йу Гиран хьуьнхахь (хӀиндин штат Гуджарат).
Доца факташ Лом, Ӏилманан классификаци ...
Лом |
---|
Боьрша лом Луисвиллера зоопаркхь |
ТӀера тоба: | Laurasiatheria |
Бухара доьзал: | Pantherinae |
|
Panthera leo Linnaeus, 1758 |
|
Йуккъерчу бӀешерашкахь хилла хила тарло ареал ХӀинцалера ареал |
|
|
ДӀачӀагӀа
Дехар «Лоьмаш» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
Доца факташ
ХӀара гӀаран файл кхоьллина ю статьян дӀадолоран бух тӀехь
верси дӀаязйина хан
2011 шеран 24 апрелехь, оцу терхьал тӀехьа нисдар ца гойту.
хьажа иштта кхин аудиостатьяш
ДӀачӀагӀа
ТӀаьхьарчу плейстоцене кхаччалц, 10 000 шо гергга хьалха, лоьмаш хилла уггаре шуьйра даьржина декха дийнат Дуьнен тӀехь адамал тӀаьхьа[4]. Церан лаьттах йохку даьӀахкаш карийна Африкин доккхаха долчу декъехь, Евразин мехкан тӀехь Малхбуза Европера ХӀинди а, Къилбаседа Америкин Юкон тӀиера Перу кхаччалц[5]. Тархаш тӀе дехкинчу суьртех хиина европин хьехан лом, хилла хилар хӀинцалерачу лоьман бухара кеп.
Лоьман тӀехулара куц ша-кепара ду. Дукха экханаш йац иштта къаьсташа сте-боьршаллин диморфизм йолуш. Боьршаниг стечул доккха хилла ца Ӏаш, кхин а кхес хуьлу, цхьадолчу тайпанин чӀогӀа кхуьу иза белаш, букъан дакъа, накха а къовлуш. Лоьман бос можа-сира тайп-тайпана бесе теӀаш, кхес дукха хьолахь изза беса хуьлу, кхин а таьӀна а, Ӏаьржа а хуьлу. Лоьман бухара кепаш къастало дукхах дерг кхесан бесца. Кхес йоцург, дегӀан тӀиера кхин чо боца бу, цӀоган йуьххьехь беха чо бу.
Лоьмаш деха коьртаниг саваннашкахь, амма наггахь дехьадовла тарло коьллаш йолчу а, хьуьнха а. Кхечу цицигех къаьсташ, уьш цхьацца ца деха, ткъа башха доьзалийн тобанашкахь деха — прайдашкахь. Прайд лаьтта гергарчу стен лоьмех, тӀаьхьенех, масех доккха боьрша лоьмех. Стенаш талла доьлху цхьаьна, алсама йаккхий шибергйолчарна. Лоьмаш адамашна ца толлу цунах болх бина, амма адамаш диина меттигаш сих-сиха хуьлу. Лоьмаш — онда экха, аьлчи а латтайо лакхара меттиг юурган зӀенехь.
Ӏаламехь лоьмаш деха итт – дейтта шарахь, чохь кхобуш ткъа сов шарахь деха. Боьршаниг кӀезиг итт шо сов деха. Цуьнан бахьна, кхечу лоьмашца леташ ницкъ лагӀло церан[6].
Лоьмаш экаме экха ду хӀунда аьлча церан даржаран барам дукха сиха лагӀлуш бу. тӀаьхьарчу ткъа шарахь церан Африкера барам охьабаьлла 30—50 %[7]. Лардеш йоцу меттигел арахьа кхин а экаме ду лоьмаш. ЛагӀдаран бахьна хаддийна Ӏамийна а дац, амма уггаре боккха кхерам — деха Ӏаламан гуо бар а, адамца долу дов а ду. Лоьмаш цӀахь кхаба долийна Руман имперехь дуьйна. Дерриг дуьненан зоопаркаш дакъалоцуш йу хӀаллакхуьлуш долчу азин бухара кеп кхабаран программехь.
Лоьмо дӀалоцу адаман оьздангаллехь коьртачех цхьа меттиг. Оцу дийнатийн суьрташ девза палеолитан заманера дуьйна, цуьнан тешалла ду Ласко а, Шове а хьехаш чуьра тархаш тӀиера суьрташ. Лоьмаш сийлахь дара антикан заманера а, Йуккъера бӀешерийн а заманерачу оьздангаллехь, царна карийна шайн меттиг скульптурехь, суьрташкахь, къоман байракхаш тӀехь, хӀосташкахь, мифашкахь, литературехь, фильмашкахь.