Европа
континент / From Wikipedia, the free encyclopedia
Евро́па — Дуьненан Къилбаседа эхиг дакъа, гуонаха ду Къилбаседа Шен а, Атлантикин а Ӏапказийн хӀордаш, майда 10 млн км² гергга йу. Азица цхьаьна кхуллу материк Еврази, Европин оьздангалла, Малзбуза аьлла цӀе тиллина, дуьхьала хӀоттош йу Азичун, Малхбален аьлла цӀе тиллина, тайп-тайпана географин аренаш цхьанатохаран гуран чохь.
Доца факташ Европа, Мохк ...
Европа | |
---|---|
Мохк | 10,2[1] млн км² |
Бахархой | 754 млн (2019) стаг |
Йукъахь йу | 50 (исписка) пачхьалкхаш |
Мотт | Европин меттанаш |
Интернет-доменаш | .eu (Евробарт) .su (Советийн хилла аре[2]) |
Йаккхий гӀаланаш | Европин уггаре йаккхий гӀаланийн исписка |
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Европа (маьӀнаш).
Европин бахархой 754 миллион стаг йа Дуьненан бахархойх 9 % гергга бу (2019). Бахархой тӀекхетар дикка лахара ду, бахархойн йуккъера хан дикка лакхара йу дуьненан кхечу континенташка хьаьжчи.