Албани
From Wikipedia, the free encyclopedia
Алба́ни (алб. Shqipëria), юьззина официалан кеп — Респу́блика Алба́ни[5] (алб. Republika e Shqipërisë [ɾɛpuˈblika ɛ ʃcipəˈɾiːs]), — Балканийн ахгӀайренан малхбузен декъера пачхьалкх. Бахархой, 2017 шеран 1 январехь, Албанин статистикин институтан хаамашца, бу 2 876 591 стаг, мохк — 28 748 км². Бахархойн барамца дуьнанахь 136-гӀа меттигехь а, майдан барамца 139-гӀа меттигехь а йу.
Республика Албани | |||||
---|---|---|---|---|---|
алб. Republika e Shqipërisë | |||||
| |||||
Девиз: ««алб. Ti, Shqipëri, më jep nder, më jep emrin Shqiptar" «Ахьа, Албани, ло суна сий, Албанхо цӀе ло суна ахьа»» |
|||||
Албанин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 1912 шеран 28 ноябрехь (Хункар-махках) | ||||
Официалан мотт | албанойн | ||||
Коьрта гӀала | Тирана | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Тирана, Шкодер, Влёра, Дуррес, Эльбасан | ||||
Урхаллин тайпа | Парламентан республика[1] | ||||
Президент Министрийн кхеташонан председатель Халкъан гуламан председатель |
Байрам Бегай Эди Рама Гламоз Ручи |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 28 748 км² (144-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 4,8% | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲2 876 591[2] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2018) | 38,3 млрд долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | 12 484 долл. | ||||
АДКИ (2019) | ▲ 0,791[3] (лакхара; 69-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | Албанхой, албанхо | ||||
Ахча | лек (ALB, код 8) | ||||
Интернет-домен | .al | ||||
Код ISO | AL | ||||
Код МОК | ALB | ||||
Телефонан код | +355 | ||||
Сахьтан аса | +2 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][4] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Коьрта шахьар — Тирана. Пачхьалкхан мотт — албанойн.
Албани — унитаран пачхьалкх, парламентан республика. 2017 шеран 24 июлехь дуьйна Албанин президент ву Мета Илир, премьер-министран дарж 2013 шеран 15 сентябрехь дуьйна дӀалаьцна Рама Эдис. «Economist Intelligence Unit» хьаьжча, 2018 шарахь мехкан Демократин индексан классификаци йира гибридан раж[6] аьлла.
Административан-мехкан декъадаларан агӀора йекъало 12 областан.
Лаьтта Европин къилба-малхбалехьа Адриатикин а, Ионийн хӀордашна йисттехь. Отранто хидоькъено Албани къастайо Италех. Къилбаседа-малхбалехь доза ду Сербица а, цхьаццамма къобал йина Республика Косовоца[7] а, къилбаседа-малхбузехьа — Ӏаьржаламанчоьнца, малхбалехьа — Къилбаседа Македоница, къилба-малхбалехьа — Желтойчоьнца.
Албани, цхьаццамма къобал йина Республика Косовоца, Босница а, Герцеговиница а цхьаьна могӀара, Европин мехках алсама бусалбанаш болучех цхьаъ йу.
Албани — НАТОн декъахо йу 2009 шарахь дуьйна. ЕБ йукъайаха официалан кандидат йу (2014 шарахь дуьйна)[8].