Антарктида
континент / From Wikipedia, the free encyclopedia
Антарктида[1] (желт. ἀνταρκτικός — Арктикан дуьхьало) — континент, лаьтта Дуьненан уггаре къилбехахь. Антарктидин йукъ гергга йу Къилба полюсан. Бердашца ду Атлантикин, ХӀиндин, Тийна Ӏапказаш. 2000 шарахь дуьйна Антарктидин бердашкара 60° къ. ш. къилбехьара хишшах, Дуьненайукъара гидрографин кхолламан сацамца олу Къилба Ӏапказ[2][3].
Антарктида | |
---|---|
Мохк | 14 107 000 км² |
Бахархой | гуттаренна беха бахархой бац, полюсийн станцийн белхалой: аьхка 4000 стаг гергга, Ӏай 1000 стаг гергга. стаг |
Йукъахь йу | 0 пачхьалкхаш |
Мотт | дац |
Интернет-доменаш | .aq |
Медиафайлаш Викилармехь |
Континентан майда йу 14 107 000 км² (царех шельфан шалаьмнаш — 930 000 км², гӀайренаш — 75 500 км²). Къилбаседехьара къилбехьа кхаччалц 3000 км гергга йеха йу, ткъа малхбузехьара малхбалехьа — 4500 км[4]. Антарктидин локхаллин йуккъера барам массо а континентел боккха бу. Шелонан полюс йоцург, Антарктидехь йу хӀаваан тӀуналлин дустаран уггаре лахара барам болу, уггаре чӀогӀа а, дукха лаьтта а мох болу, уггаре жигара мелхан радиаци йолу меттигаш[5].
Антарктида кхин а олу Антарктида материках а, гуонахьара гӀайренех а лаьтта дуьненан декъах.