Киттийн а, дельфийн а дуьненайукъара де
From Wikipedia, the free encyclopedia
Киттийн а, дельфийн а дуьненайукъара де (инг. World Whale and Dolphin Day) — Ӏида, юкъадаьккхина 1986 шарахь Дуьненайукъара китташ дайаран комиссис (инг. International Whaling Commission — IWC). Иза даздо 23 июлехь[1], хӀунда аьлчи оцу дийнахь 1982 шарахь IWC кхажтесна коммерцин Ӏалашонца китташ дайар 1985/1986 муьехь дуьйна маггане а ца магдар[2][3].
Доца факташ Киттийн а, дельфийн а дуьненайукъара де, МаьӀна ...
Киттийн а, дельфийн а дуьненайукъара де | |
---|---|
Файл:Whale-more-priroda.jpg | |
МаьӀна | Адамаллин тидам бахийта киттийн а, киткепарчийн а, наггахь кхин океанан, хӀордан декхаш долчу дийнатийн а. |
Терахь | 1986 шеран 23 июлехь |
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
Ца магдар ницкъе даьлла 1986 шеран 19 февралехь дуьйна. Цуьнан лерамна хӀора шарахь 19 февралехь даздо кхин цхьа Ӏида — Киттийн дерриг дуьненан де. Иза лору кхин декха дийнаташ Ӏалашдаран де а. Наггахь тайп-тайпана мехкийн экологин кхолламаш хьажадо и де хӀаллак хила герга яханчу цхьаьна кепарчу декхачу дийнатна[4][5][1].