Къоман баскетболан ассоциаци
From Wikipedia, the free encyclopedia
Къо́ман баскетбо́лан ассоциа́ци, КъБА (инг. National Basketball Association, NBA) — Къилбаседа Америкин (АЦШ а, Канадин а) божарийн профессионалан баскетболан лига. Йукъайоьду Къилбаседа Америкин коьрта йиъ профессионалан спортан лигашна КъХЛ, МЛБ, КъФЛ[1]. Кхоьллина 1946 шарахь Америкин Баскетболан ассоциаци а, Къоман баскетболан лига а цхьаьнатоьхна.
Къоман баскетболан ассоциаци | |
---|---|
Спортан тайпа | Баскетбол |
Кхоллар | 1946 шеран 6 июнехь, Нью-Йорк |
Кхоьллинарг | Сильвер Адам |
Мохк |
АЦШ (29) Канада (1) |
Слоган | This is why we play |
Чемпион(аш) | Милуоки Бакс (2) |
Максимум титулаш | Бостон Селтикс, Лос-Анджелес Лейкерс (17) |
Официалан сайт | |
Медиафайлаш Викилармехь |
2004 шарахь дуьйна Ассоциацин йукъа йогӀу 30 команда, уьш йекъна географин хьесапца Малхбален а, Малхбузан а конференцешка, ткъа хӀора конференци, шен рогӀехь, йекъна кхаа дивизионан пхиппа команда. РогӀера шеран дохаллехь хӀора команда ловзу 82 матчехь, оцунан жамӀашца хоржу плей-оффан декъахой. Плей-оффехь командаш ловзу олимпийн системица, шен конференцехь 4 толам баккхалц. Конференцийн ши чемпион ловзу коьртачу финалехь, цигахь билгалйолу КъБА чемпионан цӀе лелориг.
2010 шарахь КъБА пайда хилира 3,8 миллиард доллар, харж хилира 3,6 миллиард сов доллар, шарахь операцин са хилира 183 миллион доллар, ткъа пайделлин гайтам — 4,8 %[2]. Ловзархочун алапан йуккъера барам 2010 шарахь хилира 4,8 миллион доллар шарахь — дуьненара муьлхха а спортан лигехьчулла алсама[3]. КъБА Коьрта офис йу Нью-Йоркера ПхоьалгӀа авенюра Олимпик-тауэран 19 гӀат тӀехь[4].