Къуръан
исламан деза жайна, Мухьаммад пайхамарна тӀедоссийна / From Wikipedia, the free encyclopedia
Къуръа́н (Ӏаьр. الْقُرْآنُ الْكَرِيمُ [Аль-Къуръа̄ну-ль-Карӣм] — «Сийлахь Къуръан») — иза ислам динехь Делан Ӏаламат хаза Жайна ду. Бусалбанаша даздо иза, уьш тешаш бу иза Делан къамел хиларх. Иза доссийна Мухьаммад пайхамарна ﷺ тӀе Жибрил маликехула, нахана и кхето а, уьш гӀорасизбан а шен Ӏаламаташца. Бусалбанаш тешаш бу иза куьг тохарх а, харцхьадаккхарх а лардина ду адамийн дегнаш чохь а, могӀанашкахь а аьлла. Иза схьадеана ду рогӀаллица (таватурца)[1]. И дешарца Далла Ӏибадат до. Стигалан жайнех тӀаьххьарниг а ду иза, ИбрахӀиман тептарш а, Таврат а, Забур а, Инжил а дӀадаьлла чул тӀаьхьа[2][3]. «Къуръан» бохучу дешан маьӀна Ӏаьрбийн маттахь «хозуьйтуш дешар» а, «хьехам» а бохург ду[4][5].
Къуръан — иза Ӏаьрбийн шира жайна ду. И лоруш ду меттан Ӏилманан лаккхара мах хадош, цо шена чохь гулдо дела хаза къамел а, риторика а. Къуръанан лар а, сий а ду Ӏаьрбийн мотт а, цуьнан литература а, цуьнан морфологин а, синтаксисан а Ӏилманаш цхьаьнатохарехь а, уьш кхиорехь а. Иштта Ӏаьрбийн меттан бакъонийн коьрта Ӏалашонаш хӀиттайарехь а, йахкарехь а, цхьаьнатохарехь а. Ӏаьрбийн мотт цхьаьнатохаран дикалла Къуръан доссадаре йухадоьрзуш ду, хӀунда аьлча, цул хьалха цхьаьнатоьхна хилла бац и, ша хьалдолуш мотт боллушехь а.