Норвеги
From Wikipedia, the free encyclopedia
Норвеги (букмол. Kongeriket Norge, керланорвег. Kongeriket Noreg) — Къилбаседа Европин Скандинавин ахгӀайренан тӀехь йолу пачхьалкх, цуьна йукъабогӀу уллера дуккху кегий гӀайренаш, цул совнах Шпицберген (Свальбард) цӀе йолу архипелаг йу, Къилбаседа Шен Ӏапказан чохь болу Ян-Майен а, Чена а гӀайренаш. Норвегин хӀордал дехьара мохк бу Атлантикин Ӏапказан къилба декъехь болу Буве цӀе йолу гӀайре. Кхин Норвеги Антарктикан латтанашна претензеш йолуш йу, 1961 шеран конвенцин йукъа догӀуш долу — Петран I гӀайре а, Мод паччахьан латта а.
Норвеги | |||||
---|---|---|---|---|---|
букмол. Kongeriket Norge керланорвег. Kongeriket Noreg | |||||
| |||||
Норвегин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Кхоьллина | 872872 | ||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
7 июнь 1905 (кхайкхам бина) 26 октябрь 1905 (къобалйина) (Шведийн-норвегин уни) |
||||
Официалан меттанаш |
норвегийн (букмол а нюнорск) меттигера даржехь — саамийн[1] |
||||
Коьрта гӀала | Осло | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Осло, Берген, Ставангер, Тронхейм | ||||
Урхаллин тайпа | Конституцин монархи | ||||
монарх Премьер-министр |
Харальд V Йонас Гар Сторе (Ap) (2021–) |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 385 207[2] км² (67-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 6 | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 5 550 203[3] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2010) | &&&&&&&&&&&&0335,300000335,3 млрд. долл. (25-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | &&&&&&&&&&059 600,&&&&&059 600 долл. | ||||
АДКИ (2022) | 0,966[4] (лакхара; 2-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | норвег норвегаш | ||||
Ахча | Норвегин крона (NOK, код 578) | ||||
Интернет-домен | .no | ||||
Код ISO | NO | ||||
Код МОК | NOR | ||||
Телефонан код | +47 | ||||
Сахьтан аса | UTC+1:00[d] | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][5] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Пачхьалкхан цӀе схьайаьлла шираскандинавийн дешах Norðrvegr — «къилбаседе некъ».[6]
Урхаллин кеп — конституцин монархи, пачхьалкхан дӀахӀоттаман кеп — унитаран. Король — Харальд V, премьер-министр — Эрна Сульберг. Норвеги йекъалуш йу 19 фюльке, уьш йу 5 официлан йоцу регионаш.
Коьрта гӀала йу — Осло.
Норвеги йукъайогӀуш йу Скандинавин паспортан барт а, Шенгенан зонан а.