Нохчийчоь
From Wikipedia, the free encyclopedia
Нохчийчо́ь (оьрс. Чечня), официалан цӀе — Нохчийн Респу́блика [⇨] — Российн Федерацин субъект, цунна йукъара республика (пачхьалкх)[4]. Лаьтта Къилбаседа Кавказан малхбалехь. Майда — 16 171 км²[комм. 1]. Къилбаседера къилбехьа йахйелла 170 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 100 км гергга. Доза ду РФ субъекташца: малхбузехь — ГӀалгӀайчоьнца, къилбаседа-малхбузехь — Къилбаседа ХӀирийчоьнца а, Ставрополан мехкаца а, къилбаседа-малхбалехь а, малхбалехь а, къилба-малхбалехь а — ДегӀастанца; къилба-малхбузехь а, къилбехь а НР доза ду маьрша пачхьалкхаца — Гуьржийчоьнца[⇨].
Республика (пачхьалкх) | |||||
Нохчийн Республика | |||||
---|---|---|---|---|---|
Нохчийчоь | |||||
|
|||||
Шатлакхан Илли | |||||
43°24′00″ къ. ш. 45°43′00″ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Росси | ||||
Цунна йукъайоду | 15 кӀошт а, 3 республикин маьӀна долу гӀала | ||||
Адм. центр | Соьлжа-ГӀала | ||||
Корта | Кадыров Рамзан | ||||
Парламентан председатель | Даудов Мохьмад | ||||
Правительствон председатель | Хучиев Муслим | ||||
Истори а, географи а | |||||
Кхоллар | 1993 шеран 9 январехь | ||||
Латта |
|
||||
Сахьтан аса | МСК | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой | ↗1 478 726[2] стаг (2020) | ||||
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий, оьрсий, гӀумкий, ногӀий | ||||
Динан хӀоттам | бусалба, керста | ||||
Официалан меттанаш | нохчийн, оьрсийн[3] | ||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Код ISO 3166-2 | RU-CE | ||||
Телефонан код | +7 871 | ||||
Интернет-домен | http://grozny.ru/ | ||||
Официалан сайт | |||||
СовгӀаташ | |||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Йукъайоьду Къилбаседа-Кавказан федералан гуона, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.
1978 шеран Российн Федерацин — Российн (РСФСР) Конституцин хийцамашца, кхоьллина 1993 шеран 9 январехь[5]. НР тӀеман гӀуллакхаш чекхдевлча референдум йира, цигахь, 2003 шеран 23 мартехь, бахархоша алсама кхаж тасарца гайтира шеш РФ декъахь диса лаар[⇨].
Республикин корта — Р. А. Кадыров (2007 шарахь дуьйна), Парламентан Председатель — М. Х. Даудов (2015 шарахь дуьйна), Правительствон Председатель — М. М. Хучиев (2018 шарахь дуьйна). НР йу РФ йукъара суверенни[6] республика[⇨].
Бахархой 1,5 млн[7] стаг, коьрта шахьар — Соьлжа-ГӀала. Пачхьалкхан меттанаш: нохчийн а, оьрсийн а. Сахьтан зона МСК, UTC тӀиера дӀахилар ду +3:00.