Океани
континент / From Wikipedia, the free encyclopedia
Океа́ни — Тийна океанан йуккъерачу а, малхбузен а декъашкара шортта гулделлачу гӀайренийн а, атоллийн а гулдаран цӀе[1][2]. Океанин дозанаш билламе ду. Малхбузен доза лору Керла Гвиней гӀайре, малхбален — Пасхин гӀайре. Дукха хьолахь, Океанин йукъа ца туху Австрали, ткъа кхин а къилба-малхбален Азин, Генара Малхбален, Къилбаседа Америкин гӀайренаш а, архипелагаш а. Географин мехкашӀаморан декъехь, Океани Ӏамайо ша йолу дисциплина санна — океанистика.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Океани (маьӀнаш).