ТӀапломан кратер
From Wikipedia, the free encyclopedia
ТӀапло́ман кра́тер (шир.-желт. κρατήρ — кад) — кадкепара йа кӀагкепара чутаьӀна меттиг тӀапломан конусан боьххьехь йа басехь, йина тӀапломан жигаралло[1].
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Кратер.
Кратеран диаметр хила тарло иттаннаш метраш тӀиера масех километр кхаччалц, ткъа кӀоргалла — масех метр тӀиера бӀаьнаш метрашка кхаччалц. Кратеран бух тӀаьхь хуьлу, магман кхерч чуьра, цхьаъ йа масех лава а, кхин тӀапломан сурсаташ хьаладовлу Ӏуьрг. Наггахь кратеран бух къевлина хуьлу лаван Ӏомо йа жимачу керла кхоллабеллачу тӀапломан конусо.