Муса
исламан пайхамар а, элча а / From Wikipedia, the free encyclopedia
Му́са (шир.-Ӏебар. מֹשֶׁה [Моше́] — «хи чуьра схьаваьккхинарг»; Ӏаьр. مُوسَى) — иза исламан пайхамар а, элча а, Делан къамелхо а ву. Улул-Ӏазм олучу элчанех цхьаъ ву. Къуръан чохь уггар дукха хьехийнарг ву, цу чохь масийтта сурат чохь хьехош ду цуьнан дийцар[2]. Къуръан чохь хьаха ма-дарра Муса Ӏаш хилла ПирӀунан заман чохь. Иштта хьехийна йу коьрта совцу меттигаш: хи чуьра и схьаэцар а, иза Мадьян-махка вахар а, Сийлахьчу тогӀичохь Делаца цуьнан хилла долу къамел а, Мисаран баланаш а, ЦӀен хӀорд бекъар а, Синай лома тӀийра экъанаш схьаэцар а, исраилхоша дашо старгӀана Ӏибадат дар а, ТихӀ (къам Мисарера арадаккхар) олу хилам а.
Доца факташ Муса, КалимуллахӀ ...
Муса | |
---|---|
Ӏаьр. موسى | |
КалимуллахӀ | |
Говзалла | баьчча, динан баьчча, шарӀхо, тамашийна гӀуллакхаш дийриг, Ӏу, хьаькам |
Вина терахь | 1463 в. э. тӀейале |
Вина меттиг | Мисар |
Кхелхина терахь | 1316 в. э. тӀейале |
Кхелхина меттиг | Синайн гӀум-аре |
Къам | исраилхой, жуьгтий |
Да | Ӏимран ибн КъахӀат |
Нана | Юкабад |
Зуда | Саффурат |
Бераш | Жиршум, ЭлиӀазар |
Силсила | Муса ибн Ӏимран ибн КъахӀат ибн Лави ибн ЯӀкъуб ибн Исхьакъ ибн ИбрахӀим аль-Халил |
Динан Ӏилманан гӀуллакх | |
Динлелор | ислам |
Дешархой | ЮшаӀ ибн Нун[1], ЭлиӀазар[d][1], Финехьас[d][1] |
ГӀарадевлла белхаш | Мусан аннаш, Арадаккхар[d] |
Лоруш волу динаш | ислам, жуьгталла, насаралла |
Дозуш хилла адамаш | ХӀарун, ПирӀун, Асият, ШуӀайб, Хизр |
Доссийна жайна | Товрат |
ДӀачӀагӀа