ХӀарун
исламан пайхамар, Муса пайхамаран ваша / From Wikipedia, the free encyclopedia
ХӀа̄рун йа ХӀарон (Ӏаьр. هَارُون; Ӏебар. אַהֲרֹן Арон — «лекха», «лам», «серлонан лам», «хьехархо», «дешна волу») — иза исламан пайхамар а, Муса пайхамаран ваша а ву, исраилхошка ваийтина. ИбрахӀиман динашкахь (жуьгталлехь а, насараллехь а, исламехь а) Делан пайхамарех цхьаъ а, кохӀен (мозгӀар) а, веза стаг а лоруш ву иза. ХӀарунах лаьцна болчу хаамийн хьосташ схьаэцна ду динийн тексташ чуьра: Жуьгтийн Библи чуьра а, Ширачу Весет чуьра а, Къуръан чуьра а. Къуръано а, Библин Ширачу Весето а ма-бохху, ХӀарун шен вешица Мусаца Мисарахь Ӏийна, ПирӀунийн заманахь[2].
Доца факташ ХӀарун, Вазир Муса (Мусан гӀоьнча) ...
ХӀарун | |
---|---|
Ӏаьр. هَارُون | |
Вазир Муса (Мусан гӀоьнча) | |
Говзалла | кохӀен, пайхамар |
Вина терахь | в. э. хьалха 1439 |
Вина меттиг | Шира Мисар |
Кхелхина терахь | в. э. хьалха 1317 |
Кхелхина меттиг | Синай гӀум-аре |
ДӀавоьллина меттиг | |
Къам, некъе | исраилхой, жуьгтий |
Да | Ӏимран ибн КъахӀат |
Нана | Юкабад |
Зуда | ЭлишабаӀ[d] |
Силсила | ХӀарун ибн Ӏимран ибн КъахӀат ибн Лави ибн ЯӀкъуб ибн Исхьакъ ибн ИбрахӀим аль-Халил |
ГӀарадевлла белхаш | Дашо эса[d][1], ХӀарунан гӀаж[d] |
Лоруш волу динаш | ислам, насаралла, жуьгталла |
ДӀачӀагӀа