Сийлахь-Даккхий географин белламаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Си́йлахь-Да́ккхий геогра́фиин бе́лламаш — XV бӀешарахь болабелла XVII бӀешо кхаччалц лаьттина адамаллин историн мур. Оцу муьрехь европахоша махлело керла адамаш лоьхуш Европехь чӀогӀа хьашт долу сурсатийн хьосташ лоьхуш, дӀадиллира керла латтанаш, Африке, Америке, Азе, Океане доьлху керла хӀордан некъаш. Историкаша дукха хьолехь «Сийлахь-Даккхий географин белламаш»[1][2] туху португалин а, испанин а новкъахоша дуьххьара дехкинчу генара хӀордан альтернативан «ХӀинде» деши, дети, чамбийриш кхехьа махлелоран некъашца[3].
Ша географин белламан кхетам боьзна бу махлелоран а, политикин а Ӏалашонца нийса болу географин хаамаш иэшарца. Хьалха цхьацца некъаш баран жамӀаш (масала, Викингаш Америке эхаран), йа шуьйра къобал ца дора, йа кӀеззиг бен ца хуьйцура йукъахь лелаш долу мифологин дуьненан сурт. Европехь техника кхиаро таро йелира хӀордаш чухула гена некъ бан, ткъа махлелор кхиаро — цунна оьшу хаарш хьашт хилар[4].
Португалхоша гуттаренна толлура Африкин атлантикин бердаш, 1418 шарахь паччахьан кӀенто Генриха доладеш, тӀаьххьара, 1488 шарахь, Африкин гуо тесна ХӀиндин Ӏапказ чу бахара. 1492 шарахь Азе боьду махлелоран некъ лоьхуш испанхойн паччахьо Колумб Христофоран «ХӀинди» лохуш малхбузехьа Атлантикин Ӏапказ чухула ваха план къобал йира, цуьнан жамӀехь дӀадиллира керла дуьненан дакъа. Испанин а, Португалин а йукъара дов сацо Ӏалашо йолуш Тордесильян барт бира, цуьнца дуьне дийкъира шина декъе, цуьнца хӀора агӀонна йелира цара дӀадоьллу латтанашна эксклюзиван бакъонаш.
1498 шарахь куьйгаллехь Васко да Гама волу португалин экспедици кхачайелира Африкин гуо тесна ХӀинде, иштта биллира дуьхьала болу Азе некъ. Дукха хан йалале португалхой кхин а гена малхбалехьа бахара, 1512 шарахь Цийчу охьабиссина, кхин а шо даьлча кхечира «Чамбечеран гӀайренашка». 1522 шарахь испанин гӀуллакхехь волчу португалхочун Магеллан Фернанан экспедици, йахара малхбузе, дуьненахь дуьххьарлера дуьненна гуо тесира. Оцу хенахь испанхойн конкистадораш америкин континент толлуш бара, ткъа тӀаьхьуо Тийна Ӏапказан къилбехьара цхьацца гӀайренаш а.
1495 шарахь французаш а, ингалсхой а, мелла а тӀаьхьа, голландхой къийсабала буьйлира керла латтанаш схьаделларехь, иберин хӀордан махлелоран некъийн монополица. Цара толлура керла маршруташ, хьалха къилбаседехьара, цул тӀаьхьа Тийна Ӏапказ чухула Къилба Америкин гуо тосуш, амма тӀаьххьара португалхошна тӀаьхьа бахара Африкин гуотесна ХӀиндин Ӏапказ чухула, 1606 шарахь дӀайиллира Австрали, 1642 шарахь – Керла Зеланди, 1778 шарахь – Гавайн гӀайренаш. Оццу хенахь 1580-1640-гӀа шерашкахь оьрсийн новкъахоша дӀа а йиллина карайерзийра йерриг аьлча санна Сибрех.
Сийлахь-Даккхий географин белламаша гӀодира Йуккъера бӀешерашкара Керла замане дехьадовла, Йухадендаран муьрца а, европин къоман пачхьалкхийн айамца цхьаьна. Генарчу латтанийн карташ, даржадора Гутенберга йина зорбанан чархаца, цара таро йира гуманистийн дуьне гайтарехь, гуонахьа дерг гар шордарехь, кхоьллира Ӏилманан а, интеллектан а керла мур. Европахой керла латташка гӀортаро кхоьллина айира колонин импереш, Шира а, Керла а Дуьненашна йукъаметтигашкахь хуьлура колумбан хийцар: дуьненна тӀехула лелара ораматаш, дийнаташ, дааран сурсаташ, дийнна къаьмнаш (царна йукъахь лайш), инфекцин цамгарш, кхин а цивилизацешна йукъахь йевзара тайп-тайпанна оьздангаллаш, иза бара ладамечех цхьа мур экологин глобализацехь, йуьртан бахаман а, оьздангаллин исторехь. Европин белламаш(ингалс.)нохч. кхин дӀа а хилира Сийлахь-Даккхий географин белламийн муьрал тӀехьа, цуьнан жамӀехь дуьненан горгалан тӀехале картин тӀейаьккхинера, ткъа генара цивилизацийн таро хилира вовшашца цхьаьнакхета.